Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Къилбаседа Кавказера шен векал хийцина президенто Путин Владимиро. Оцу дарже хьажийна Оьрсийчоьнан эскаршкахь лерринчу ницкъех жоп луш хилла инарла Матовников Александр.
Нохчийчуьрчу Катаямера кхо эзар гергга вахархо хинан къоьлла ловш ву кху деношкахь. Старопромыслан кIоштарчу оцу эвлахь хи дIалакъийна кIирандийнахь дуьйнна, хаамбо меттигерчу вахархочо "Кавказан узел" агенталле. "Туьканара хи оьцуш я гергарчаьргара кхоьхьуш хене дуьйлу тхо", - аьлла цо гIирсе. Iедалхоша машенашкахь хи ца доуьйту тхо дехачу меттиге, масех машенашкахь хи кхачо мегар ма дара. ТIом бирзинчу хенахь ма хуьлура таро. Арахь 40 гергга градус йовхо лаьтта, ткъа адам хи доцуш Iаш ду", - аьлла, далхийна Соьлжа-ГIаларчу Яхас а. Читать дальше...
Психиатрин цIийне дехьаваьккхина Оьрсийчохь набахтехь хан токхуш волу политикан тутмакх Клых Станислав. "Факты" хьостано Iораяьккхина и информаци. Хьалхо Украинан омбудсмено Денисова Людмилас хаийтинера, Клых вочу хьолехь а ву, бозуш боцу я украинхойн, я кхечу пачхьалкхера говзанчаш кхайкха беза цунна тIе аьлла. Клыхан нанас журналисташка дийцинера, тIаьххьара шен кIантаца хиллачу цхьанакхетарехь цуьнан адвокато тергойина хиларх, могушалла кхи тIе а телхина хиларан. "Тахана Клыхца къамел ца хилира сан... Читать дальше...
КарабогIучу беттан 16-чу дийнахь Хельсинкехь хир ду Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а цхьанакхетар. Reuters агенталло яржийна и информаци, Кремлан зорбанчийн хаамашна тIе а тевжаш. Долчу хьолах а, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан хиндолчух а, иштта дуьненаюкъарчу проблемех а дийцарш дIахьур ду шина лидеро аьлла Кремлехь. Цхьаболчу Iамеркан агIончийн сингаттам гIатто а, Трампан критикийн дера оьгIазло меттахъяккха а тарлу саммит дIаяхьа бартбина Москоха а... Читать дальше...
Аннекси йинчу ГIирмера 2014-чу шарера схьа дуьйнна Оьрсийчоьнан Iедалша араваьккхина 2400 стаг. Цул совнах, ГIирмехь лаьцна латтош хилла 5 эзар стаг а дехьаваьккхина Оьрсийчоьнан дозанашкарчу набахтешка. Маьршабаьхначул тIаьхьа доьхкур ду царна ГIирме бахка. Украинан адвокато, эксперто Мартыновский Романа, ГIирмерчу хьолах Страсбургехь йоьдучу конференцехь дина и дIахьедар, яздо "Укринформ" агенталло. Доккхачу декъанна ГIирме некъ бихкина оьрсийн Iедалхоша ГIирман-гIажаройн къоман боламан хьалханчашна Джемилев Мустафана а... Читать дальше...
ГIаттамхойн карахь йолчу Дераа провинцерчу кIошташкахь кеманца тохарш дина вийна 46 стаг, шайлахь кегий бераш а долуш, хаамбо Шеман адамийн бакъонашна мониторинг ечу центро. Рейтер агенталло дийцарехь, тIаьххьарчу деношкахь пачхьалкхан тIеман кеманаша тохарш дора Шеман Къилба Малхбузехь. Оьрсийчоьно чIагIонаш йо, Асадан эскарша а, церан агIончаша а маслаIатан барт бохош бац, террорхошца къийсам бу шаьш латтош бохуш. КIирандийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIакхайкхийра, Шеман Къилба Малхбузерчу... Читать дальше...
Титиев Оюбна полисхоша наркотикаш бухакхийсар толлур дац Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело шинарийдийнахь ши сацам тIеэцна бакъоларъечу "Мемориал" центран махкарчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан девнца доьзна. Талламехь дара ши арз: хьалхарниг – Титиев лоцуш полисхоша лелийначу харцонах лаьцна, шолгIаниг – лаьцнарг изоляторера арахецийтарх. Межидова Наталья яра кхел дIахьош. Сацам бина хила безачу хенал де тIаьхьа бина – де-буьйса шена мукъадитинера кхелахочо. Титиев Оюбан агIолоцуш вара кхелехь кхаа адвокатах цхьаъ - Заикин Петр. Читать дальше...
Жимачу кIантана етташ Интернетан машанашкахь даржийначу суьртийн, видеоматериалийн тоьшаллийн бух тIехь Хьалха-Мартанарчу прокуратурано талламбина. Резинан тIийриг йиттина хилла шен 8 шо долчу меракIантана дестечо. Лоьраша теллича гучудаьлла кIентан дегIа тIехь кеп-кепара чевнаш хилар. Прокуратурано йоллу материалаш кхеле дIахьовсийна. Зудчунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх кхи дIа талла долийна.
Кхиазхойн могушаллина а, церан синан, оьздангаллин кхетош-кхиорна тIеIаткъамбечу материалашна тIе доьлху некъаш дехка декхаребе интернет-провайдерш аьлла, Устрада-ГIалин прокуратурано иск кховдийна кхеле. Доккхачу декъанна, "Интернет" машано мониторинг ечу заманчохь гучуевлла алкоголан продукци йохкарна реклама ен материалаш. "Берийн кхиарна а, церан могушаллина а зен дечу информацех ларадар" аьллачу федералан низамца а догIуш, Оьрсийчохь цу кепара материалаш кхиазхошлахь яржор дихкина ду. 18... Читать дальше...
Ямало-Ненецкан округан Лабытнанги гIала кхаьчна Украинан омбудсмен Денисова Людмила лаьцна украинхойн режиссер Сенцов Олег ган яхана. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина и хаам бакъонашларъярхочо. Цо бахарехь, иштта Сенцовца цхьанакхета лаам болчу Оьрсийчоьнан президентан цIарах бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьяница цхьана кеманчохь яхана иза. Денисовас бахарехь, цуьнца машена хаа дуьхьалъяьлла Москалькова. Оьрсийн омбудсменан векало Зловедов Алексейс дIахьедина, Украинерчу Лакхарчу Радано... Читать дальше...
Нохчийчоьнан урхалле ша хIуттушехь, Кадыров Рамзан волавелира дуьненна а бевзачу артисташца, спортхошца гергарлонаш тийса. Оцо дика имидж кхуллу Нохчийчоьнна, олура Кадыровс. Бакъду, бакъоларъярхоша, юкъаралло бехкбуьллу шаьш диктатор лору Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу лестачарна. Нохчийчохь хиллачу артистех, спортхойх хIораннан а санна дезна дуьненна хьалха бехказвала. Масала…
Республикерчу лерина бIаьрзечу нахана йиллинчу библиотекан хиллачу куьйгалхочунна дуьхьал гIуллакх долийна, курхаллаш лелорна. Талламчийн версица, 2016-чу шарахь шен даржах пайда а оьцуш, бюджетан ахча шен кисана диллархьама, цо куьйгяздина хилла цхьана бизнесхочуьнца, 360 эзар соьмана библиотекана оьшу йийбар эца. Цул тIаьхьа, шеконашкахь йолчу зудчо кехаташ тIехь 360 эзар соьмана эцна аьлла яздина, ткъа йийбарх цуьнан даьлларг ду 191 эзар сом. Дисина ахча шен хьашташна доьхкина хилла куьйгалхочо. Читать дальше...
Дан кечлучу зуламах хаам ца бина аьлла, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело листина А. Мохьмад- Салахьна дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх. Кхелахоша чIагIдарца, терроран кепехь доккха зулам дан кечамбарх шена хуъушшехь, полицига дIа ца хаийтина хилла цо. Прокуроран позицина тIе а тайна, Мохьмад-Салахь бехке лерина гIуллакх, кхи дIа къасто Хьалха-Мартанарчу кхеле дIахьажийна.
Шен хIусамдена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх ца даккхийтархьама кхаъ бала гIоьртина 27 шо долу жима зуда лаьцна полисхоша. Гуьмсерчу талламхойн декъо бехкзуламан гIуллакх даьккхина меттигерчу яхархочунна дуьхьал, лакхарчу даржхочунна кхаъ бала гIортарна. Куьршаларчу полисхойн декъан хIусам чохь, хьаькаман стоьл тIе 30 эзар сом охьадиллина хилла зудчо, шен хIусамдас дина зулам къайлахьуриг аьлла, яздина ду Нохчийчоьнан прокуратуран сайт тIехь. ГIуллакх кхи дIа а толлуш ду ницкъахоша.
Нохчийчуьрчу студенто 140 эзар сом кхаъ белла, ша колледже деша юхаметтахIотторна. Аьрга-Хишкан аграран а, техникан колледжан Хьалха-Мартанарчу декъан куьйгалхочуьнга дIаделла дешархочо ахча. КIоштан кхело бехк тIечIагIбеш, куьйгяздина, бехкзуламан гIуллакх долийна кхаъ эцначу Д.Iумар-Хьаьжина дуьхьал. Талламчийн версица, кху шеран Охан-беттан 17-чохь, Хьалха-Мартанарчу колледжан куьйгаллехь хиллачу цо, хьалхо доьшийлера дIаяьккхина йоI юхаметтахIоттош 140 эзар сом эцна. Бехкзуламан гIуллакх кхи дIа листа Хьалха-Мартанан кхеле дIахьажийна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, шена адамийн дог айина, уьш новкъа баха хаахь а, шех футболан тренер хир вацара аьлла, яздо "Известия" газетано. "ХIора стеган шен-шен амал ю. Ша хастийча кхета цхьаверг, вукхуьнца кхечу агIор мотт бийца беза", - аьлла Кадыровс. Иштта мехкан куьйгалхочо билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан футболан тобан тренерна Черчесов Станиславна бийца юкъара мотт карийна футболхошца, цундела юкъара механизм а хилла, хаза ловзар гайтира цара аьлла. "Тренерш кхион безаш бу, школаш схьа а йоьллуш, гIо а деш.
КарабогIучу беттан хьалхарчу деношкахь бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан гIуллакх листа долор ду аьлла, "Кавказ.Реалии" портале хаамбина "Мемориал" центрехь. Шела кIоштан кхело къастор ду цуьнан гIуллакх. ПIераскандийнахь кхелахочо Зайнеидиновас адвокаташна билгалдоккхур ду кхелан кхеташо дIахьур йолу де.
Нохчийчохь къизаллаш лелорах Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн (ПАСЕ) рапортехь яздинарг бакъ ца дац аьлла, дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш ю бохуш, шаьш кхоьллинчу историйн бух тIехь хIоттийна ду и документ, цхьаболчу гIирсаша ницкъбина… ( оха лелош дац и дош, хIунда аьлча кхузахь бац и тайпа нах) бохуш, даржийначул тIаьхьа. Кадыровс билгалдаккхарца, Нохчийчу баьхкина бац ПАСЕ-н, я Европан Кхеташонан векалш а, бакъонаш ца ларйо аьлла, яьржина информаци талла.
123ru.net — информационный сайт, транслирующий новости города Вашего города онлайн. Всё, что происходило и происходит в городе — в оперативной ленте ежедневных новостей в интерактивном режиме на сайте 123ru.net.
Самые свежие новости Вашего города, а также полный архив ежедневных событий города с аналитикой, комментариями и прямыми ссылками на источники информации. Местные городские, авторитетные региональные и популярные федеральные новостные агентства и телеканалы — в одной ленте новостей, упорядоченные по времени публикации и с обязательным указанием первоисточника информации. Ничего лишнего. Всё о чём говорят, пишут в газетах и блогах, показывают по телевизору и транслируют в интернете — из первых рук.
123ru.net — самый полный календарь значимых и не очень событий Вашего города, в Вашем городе и о Вашем городе вчера, сегодня и прямо сейчас — от пользователей нашего сайта в режиме онлайн. А также — актуальные статьи и мировые новости.
Если же Вы проживаете в городе Вашем городе или у Вас есть просто интересная информация о городе и горожанах мы всегда рады разместить её на нашем портале с указанием в публикации Вашего авторства. Пишите нам на электронный адрес: mail@29ru.net. Создайте свой блог и, если он будет интересен, то Вы получите совершенно бесплатно баннер и прямую ссылку на него, размещённую на всех страницах региональных интернет-ресурсов нашей веб-группы, а это — более 1 000 000 просмотров в месяц.
123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.
Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.
123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.