Шен цIийндас дина зулам къайладахьа гIоьртина зуда лаьцна
Куьршаларчу полисхойн декъан хIусам чохь, хьаькаман стоьл тIе 30 эзар сом охьадиллина хилла зудчо, шен хIусамдас дина зулам къайлахьуриг аьлла, яздина ду Нохчийчоьнан прокуратуран сайт тIехь. ГIуллакх кхи дIа а толлуш ду ницкъахоша.