Австрехь мухIажирш байинчарна 25 шераш тоьхна
Кхо шо хьалха Малхбалерчу Австрехь фургончохь садукъдала мухIажирш битинчу контрабандхошна набахтехь даккха 25 шераш хенаш тоьхна. Венгрин кхело бина и сацам, фургон лелораш шайн махкара Австрин территори тIе бовларна. Ши шо хьалха Австрин полицина некъан йистехь лаьттачу кир кхоьхьучу машенчохь 71 мухIажиран декъий хааделлера, шайлахь бераш а долуш. Йовхонехь нах бала а битина, бевддера машенан долахой. Шаьш балале хьалха фургончуьра арабийла гIиртина хиллера уьш, кузовна чухуларчу тIерсигна тIерачу лелхарша гайтарехь. Читать дальше...