Студент юхаметтахIоттош кхаъ эцнарг кхеле хIоттийна
КIоштан кхело бехк тIечIагIбеш, куьйгяздина, бехкзуламан гIуллакх долийна кхаъ эцначу Д.Iумар-Хьаьжина дуьхьал.
Талламчийн версица, кху шеран Охан-беттан 17-чохь, Хьалха-Мартанарчу колледжан куьйгаллехь хиллачу цо, хьалхо доьшийлера дIаяьккхина йоI юхаметтахIоттош 140 эзар сом эцна. Бехкзуламан гIуллакх кхи дIа листа Хьалха-Мартанан кхеле дIахьажийна.