Украинан бакъонашларъярхочунна Оьрсийчоьно ца гойту Сенцов
Оьрсийн омбудсменан векало Зловедов Алексейс дIахьедина, Украинерчу Лакхарчу Радано векал йинчу бакъонашларъярхочо Оьрсийчоьнца дийцаредина ца хилла, ша Сенцовх кхета лууш хилар.
"Сенцовна тIебоьду некъ бихкина Денисовна. Хетарехь, Оьрсийчоь кхоьруш ю, Сенцов дуьненна гайта", - аьлла Фейсбукехь журналисто Цимбалюк Романа.
Карара бутт юккъе баьллачу хенахь Денисова еанера Лабытнанги, хIетахь а колонин куьйгалло бакъо ца елира цунна Сенцов ган. Пурба ца делира я видеозIе дIатаса а. Оьрсийчоьно 20 шарна набахте хьажийна Сенцов Олег, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, бехке а вина.
Стигалкъекъа-беттан 14-чохь мацалла кхайкхийра Сенцовс, оьрсийн набахтешкара Украинан политикан тутмакхаш дIахецар тIе а дожош.