Маларш духкуш реклама ен сайташ дIакъовлар дехна Устрада-ГIалин прокуратурано
"Берийн кхиарна а, церан могушаллина а зен дечу информацех ларадар" аьллачу федералан низамца а догIуш, Оьрсийчохь цу кепара материалаш кхиазхошлахь яржор дихкина ду.
18 шо кхачазчу кхиазхочунна кхаьркъа доьхкинчунна Оьрсийчоьнан низамаша административан а, зуламан а жоьпалла тIедожадо.