Нохчийчохь кхел йина Клых психиатрин цIийне дехьаваьккхина
Клыхан нанас журналисташка дийцинера, тIаьххьара шен кIантаца хиллачу цхьанакхетарехь цуьнан адвокато тергойина хиларх, могушалла кхи тIе а телхина хиларан. "Тахана Клыхца къамел ца хилира сан, иза психиатрин хIусаме дехьаваккхарна", - аьлла, дIахьедо Клых Тамарас.
Карладоккху, стохка гурахь дуьйнна дихкинера Клыхна деца-ненаца гар. Кху аьхка мацалла кхайкхийра цо. Жаннашца а, дагца а бала хьоьгуш ву шен кIант аьллера нанас.
Клых а, Карпюк Николай а Оьрсийчохь лецира, ткъа 2016-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш бина а ву, оьрсийн эскархой байина а ву аьлла, кхел йира цу шинна тIехь.
Бехкаш шиммо а тIе ца лецира, тIехь латточу Iазапашна тоха са а ца хилла, бехк тIелаьцнера шаьшиимо аьлла, дIахьедар динера шина украинхочо.