Шен къоман машен йина Туркойчоьно
Туркоьйчоьнан президенто Эрдоган Реджепа гайтина журналисташна шайн махкахь йина хьалхара къоман автомашен. Иза ю тоькаца лела TOGG цIе йолу кроссовер. Иза юхкуш хир ю шина тайпана, моторан ницкъ а, моторийн терахье хьаьжжина. Аvtonovostidnya.ru сайто дийцарехь, 200-ницкъ болу мотор йолчу машено 100 километр соьхьтехь сихалла оьцур ю 7,6 секундехь. Ткъа 400-ницкъ болу машено изза сихалла оьцур ю 4,8 секундехь. Шина версин машенаш цкъа ток схьаэцча некъ бан аьтто хир бу 500 гергга километр. Читать дальше...