Абдурахманов Тумсос хаийтина ша Кадыров маца «Iадвуьтур ву»
Оппозиционеро-блогеро Абдурахманов Тумсос ша Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан «хьевийр вац» аьлла, нагахь санна иза «верриг а вайнашна тIеверзахь». «Вайн» олучу самукъанечу жанрехь блогершца цхьаьна васт ловзош ши видео арахецна Кадыровс деношкахь. Цаьрга хьаьжначу Абдурахмановс комментари йина, цо «вон ца ловзадо васт», аьлла. «Кадыровс болх хийцина, кхечу говзаллина ша мегаш а карийна. Иза хIинца вайнер ву. Суна иза чIогIа хазахетта! Долийнарг ца дуьтуш, иза верриг а вайнашна тIеверзаре дог доху ас. Читать дальше...