"Маьттаза" йиш лекхна ши студент Соьлжа-гIаларчу колледжера дIадаьккхина
Нохчийн пачхьалкхан Татаевн цIарахчу културан а, исбаьхьаллин а колледжан ши студент, цара яьккхина видеоролик бахьана долуш доьшучуьра дIадаьккхина. "Карфаген" Телеграм-канало бина цунах хаам. Колледжан директоро куьйгяздинчу документ тIехь билгалдаьккхина ду, дешархоша Б.Мохьмада а, Т.Хьалимата а "нормативан а, бакъонан а акташ дохийна" аьлла. Хиллачух хатта "Кавказ.Реалии" портало телефонаш еттарх жоп луш стаг а вацара колледжехь. "ВКонтактерчу" "Карфагенан" паблико зорбане яьккхинера хьалхо студенташа локхуш, дIаязйина йиш. Читать дальше...