Москварчу ФСБ-на тIелатар дина. Лазийнарш а, белларш а бу
Еарин суьйранна вевзаш воцчу стага, хетарехь, Калашниковн автомат йиттина Лубянкерчу ФСБ-н гIишлонна хьалха. Къайлахчу сервисийн юкъараллаца зIенаш латточу Центро хаамбарца, суьйранна 18:10 минот яьллачу хенахь ФСБ-н гIишло чохь долийна герз детта. Чевнаш йина некъан полисхо Фисенко Илья велла. Могушаллин министраллан информацица, чолхечу хьолехь ву кхин а ши ФСБ-н белхахо. Верриг а лазийнарг пхи стаг ву. Герз детташ гинчара а тIечIагIдина, масех стагна чевнаш йина хиларх. ТIелеттарг кхоъ вара... Читать дальше...