Нохчийчохь тоьпаш тоьхначу 27 стеган гергарчийн арз листа кечамбеш ю Европан кхел
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь ду Нохчийчохь 2016-2017-чу шерийн Iай тоьпаш тоьхна вийначу 27 вахархочун гергарчийн аьрзнаш. «Бакъонан инициатива» ("Правовая инициатива") юкъараллера юристаш бу орзахойн агIолоцуш. Гергарчара дийцарехь, церан доьзалхой 2016-чу шеран тIаьххьарчу – рогIерчу шеран юьххьерчу муьрехь Нохчийчуьрчу полицин белхахоша герзаш диттина байина. Динчу зуламах лаьцна литкъина нах махкарчу омбудсмене Нухажиев Нурдига а, прокуратуре а, Талламан комитете а. Зулам дарца доьзна бехктакхам ца айбина Iедалхоша... Читать дальше...