Украинехь ша лацар бакъ дац аьлла Дзортов Тимура
Украинан территори тIехь диверсеш лелийна аьлла, шеконашца ворхI оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахо дIалаьцна шаьш, шайлахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хилла гIовс Дзортов Тимур а волуш аьлла, Украинан кхерамзаллан кхеташоно бина хаам бакъ бац аьлла "Кавказ.Реалии" портале ша Дзортов Тимура. Карарчу хенахь шен белхан меттигехь ву Дзортов, тоьхначу телефонна жоп а луш. "Сан йоллу цIе йолуш хила тарло и стаг. Украинехь со лацарх комментари ас муха юьтур ю, ГIалгIайчохь сайн белхан меттигехь хиъна Iаш волчу"... Читать дальше...