Дагестанерчу блогерна тIехь бити бехк ФСБ-но
Террорхойн могIарш дузуш хилла аьлла, дIалаьцначу блогере Мирзеханов Алибеке Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша бехк кховдийна. ТАСС агенталло бина и хаам, шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьосташна тIе а тевжаш. Террорхойн организаци юкъахь лаьттина, цуьнан гонаш дузуш хилла цо аьлла, бехкала воьллина Мирзеханов. Блогеро бехк тIе ца лоцу. Талламчийн версица, 2014-чу шарахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацех дIакхета бохуш, кхайкхамаш бен видео гайтина хилла блогеро шен шина накъостана. Читать дальше...