Дозанаш билгалдохуш болийна болх сацийна Нохчийчоьно а, Дагестано а
Нохчийчоьнан парламентан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, Нохчийчоьно а, Дагестано а шина регионна юкъара дозанаш къасторан болх юкъахбаккха сацамбина.
"Шина субъектна юкъарчу дозанех хаамаш реестре баха болийна болх шина агIонан комиссин куьгалхоша юкъахбаккха сацамбина", - аьлла, дIахьедина нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада.
Ишта Дагестанан Халкъан кхеташонан сайт тIехь а Iорадаьккхина, шина республикан дозанаш къастор сацийна аьлла.
Дахначу шеран Гезгамашин-баттахь шина регионна юкъара дозанаш билгалдохуш тIечIагIбина барт низаме белира ГIадужу-беттан 16-чохь.