Европарламент оьгIазе ю Мисарара футболхой Нохчийчохь совцарна
Зорбане даьккхинчу кехат тIехь тидаме эцна тIаьххьарчу иттех шерачохь, Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан урхалла дечу заманчохь, оцу махкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахилар а, Iедална критика йинарг таIзаре валийна ца Iаш, бакъонашларъярхошна а, журналисташна а тIаьхьабевлла лелаш, уьш хIаллакхбеш хилар а.
Къаьсттина эргIадбахна кехатан авторш, "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб Iедалхоша набахтехь латточу юкъанна, Нохчийчохь Мисаран клубо куп тохар магийначу ФИФА-на.