"Шу адамаш а ца хета тхуна ". Шена резабоцчу гIалгIашца къийсало Кадыров
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шогга вистхилла ГIалгIайчоьнан бахархошка. Бахьана ду гIалгIайн делегаци, юхьанца Нохчийчу а яхна, куьйгалхошца а Iийна, юха цигара цIаяхча, махкахой шена къинтIербаха хIоттар. ОьгIазвахначу Кадыровс кхерам тесна лулахошкара "нохчийн ярташ" дIаяха, декхаребина гIалгIайн къаной шайн къоман векалех жоп дала. Регионалан куьйгалхочо кхо де делла шега йолу претензеш охьаяхка, аьлла, ша муьлхха а гIулч яккха кийча ву, шена дуьхьал ден сийсаза къамелаш совцорхьама. Читать дальше...