Ерриг Оьрсийчоь а ю Нохчийчоьнах дIатарлуш? Нижний Новгородехь бакъонашларъярхочун нана лачкъор
Дечкен-беттан 20-чохь Нижний Новгородехь шаьш ницкъаллин урхаллера бу аьллачу наха, федералан суьдхо Iийначу Янгулбаев Сайдин хIусамна чу а лилхина, гIиртина иза леван дIавига. Кхелехь хIинца болх беш вацахь а, низамо "шатайпа субъект" лору иза, бакъо яц Инарла Прокуратурера я Кхелахойн лаккхарчу квалификацин коллегера санкци йоцуш лаца –цуьнан зуда Мусаева Зарема а эцна, дIабахна баьхкинарш. Янгулбаев Сайди а, Мусаева Зарема а да-нана ду "Iазапна дуьхьалояран комитетехь" болхбинчу бакъонашларъярхочун, юристан Янгулбаева Абубакаран. Читать дальше...