Шен цIарах зудаберашна шантаж лелош хиларх латкъамбина Даудовс
Шен цIарах инстаграмехь яздечу нахах лаьцна дийцина Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада. "Бакъонна дуьхьала инстаграмехь лелаш цхьа стаг ву. Социалан машанашкахь йозанаш леладо цо, шех тешон гIерташ, Iехалур болчу зудаберашкара суьрташ доьхуш, тIаккха шантаж лелайо ахчанаш дохуш. Iаткъам беш, виртуалан системашкахула ахчанаш даьхна меттигаш бу", - далийна Даудовн дешнаш "Грозный-Информ" агенталло. Иштта цо билгалдаьккхина, "лерринчу гIуллакхадархошка царна дуьхьал барамаш бахийта" гIуллакх ша дIаделла хилар. Читать дальше...