Царнаевна елла компенсаци Бостонерчу терактехь лазийначарна хьажо сацам бина кхело
Бостонерчу марафонехь 2013-чу шарахь теракт ярна вен таIзар кхайкхийначу Царнаев ЖовхIарна коронавирусан пандеми бахьана долуш делла федералан компенсаци цуьнгара схьадаккха сацам бина Бостонерчу кхело, Массачусетсан прокуроро хьалхататтарца. Цунна кхачийна $1400 терактехь лазийначарна дIахьажор ду. Лерина ларъечу Колорадо штатерчу набахтехь латтош волу Царнаев а нисвелла пандемино динчу зенашна дуьхьал программехула компенсаци яла вовшахтоьхначу цхьа миллион ахмиллион америкхойн тутмакхашлахь, хаамбо Daily Mail. Читать дальше...