Навальныйна дIовш далар: Германин позицино "доккха халахетар дина " Оьрсийчоьнна
Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро дIахьедина, Навальный Алексей шен махкарчу дарбан хIусаме кхачарх лаьцна шега динчу хеттаршна жоп дала юха а реза ца хилла Германи, аьлла. Москвана хетарехь, цхьацца бахьанаш а кхуллуш, хеттарш жоьпаш доцуш дуьту германхойн агIоно. Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурехь билгалдаьккхина, Германерчу коллегаша кхочуш ца до 1959 шеран Охан-беттан 20-чу дийнахь буха куьйгаш яздинчу "Бехктакхаман гIуллакхаш толлуш вовшашна гIодарх йолчу Европан конвенцин" тIедахкарш, аьлла. Читать дальше...