КIира: лецначарна адвокаташ тIе ца буьту, Франци дIавала хьийза нохчийн мухIажар, Соьлжа-ГIалахь "хIаллакбийр бу" къаьркъанчаш
Оршот, Чиллан-беттан 8-гIа де ГIаттамхо вара аьлла Новгородехь лаьцна шиъ Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина карарчу беттан 4-чохь Лахарчу Новгородехь лаьцначу Нохчийчуьрчу шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша. "Церан да цхьана а волуш хеттарш дира Исаевга а, Магамадовга а, информаци тIечIагIйира цара. Кху шеран Дечкен-беттан 20-чохь Котар-Юьртахь вийначу Бютукаевс куьйгалла дечу тобана юкъавогIучу Борчишвили Рустамна гIоналла дина шаьш аьлла... Читать дальше...