Хьалхарчу каналан директорна Эрнст Константинна орден елла
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "Даймахканна динчу гIуллакхашна" 1-чу даржан орден елла Хьалхарчу каналан инарла директорна Эрнст Константинна. Омра зорбане даьккхина Кремлан сайто. Чиллан-беттан 6-чу дийнахь 60 шо кхаьчна Эрнстан. Омрано бахарехь, цунна совгIат делла "хаамийн гIирсаш кхиорна юкъа доккха дакъа дилларна". Эрнст инарла продюссер хIоттийра Хьалхарчу каналан 1995-чу шарахь, ОРТ олура цунах хIетахь, ткъа инарла директор хилира цунах 1999-чу шеран гурахь, Путин Владимир преьмер-министр хIоттийна дукха хан ялале. Читать дальше...