Оьрсийчоьно нон-грата кхайкхийна Европера кхо дипломат
Нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьно кхо дипломат. Уьш бу Швецин а, Польшин а, Германин а Москварчу векалташкара. Цара дакъалаьцна "2021-чу шеран Дечкен-беттан 23-чу дийнахь хиллачу низамехь йоцчу акцешкахь" аьлла довзийтина дипломаташ махкахбахаран бахьана. Гарехь, хьехориг бу оппозиционеран Навальный Алексейн агIолоцуш наха хIиттийна протестан гулам. Карарчу хенахь Москвахь вахана ву Европан Бертан арахьарчу гIуллакхийн урхаллин куьйгалхо Боррель Жозеп. Цкъачунна цо яланза ю хиллачуннна комментари. Читать дальше...