Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Казахстанерчу Туркестанан кIоштарчу Фирдоуси-юьртарчу Фирдоусин цIарахчу школе коьртахь корталеш долу зудабераш ца дуьту ду кхоалгIа де. Гонах гулбелла дехкарна резабоцу гергарнаш. ГIиллакх ду шайн корталеш лелош, шаьш деша дитахьара, доьху зудабераша – Фирдоуси-юьртахь бехарш бу таджикаш. Школин администрацино ша низам лардайта гIерта, школехь корталеш лело дихкинарг Казахстанан дешаран а, Iилманан а министралла ю аьлла.
Британин Iедалш тешна ду ГРУ-н агент хилла Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIаьвше телетар динарш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агенташ хиларх. Иза цара дина Оьрсийчоьнан куьйгалхоша омар а делла. Цунах лаьцна кхаарин дийнахь парламентехь дIахьедар дина Британин премьер-министро Мэй Терезас, прокуратуро динчу дIахьедарна комментари еш. Хьалхо кхаарин дийнахь Британин прокуратуро цIераш йовзийтира Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган. Читать дальше...
ХIун хир ду Европано Оьрсийчоьне дIабеллачух?
Хьалха а кхача кечбеш гайтарца вайна евзачу Венерчу Исханова Айзана къахьоьгу меттигера нохчийн кегийрхой гIиллакх-гIулакхна Iаморехь. Тахана иза ю вайн къоман зудаберашна австрихойн Аернокерл яр хьоьхуш. Айзанна хаьа, кхачанехула мел атта а, дика а дахчало къаьмнийн гергарло.
Ираклий Орагвелидзе, Мзия Паресишвили ("Эхо Кавказа") Европаца а, Азица а тесначу зIенех Гуьржийчоьнна болу пайда гойту карарчу кIирано. Деккъа цхьана шинарийдийнан Тбилисера хиламаш бу хIорш: махка веъначу Японин арахьарчу гIуллакхийн министро куьг яздина Гуьржийчоьнна 343 миллион доллар кредит лучу бертан кехаташна буха; Тбилисе веъначу Еврокомиссаро Хан Йоханнеса схьайиллина "Малхбалерчу Гергарлонийн Европера школа" - ялх пачхьалкхера бераш хир ду цигахь доьшуш. Ереванера шен визит йирзича... Читать дальше...
Соьлж-ГIалин Заводан кIоштан прокуратуро теллина чекхдаьккхина хилар тIечIагIдина С. Элина цIе йолчу зудчунна дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Цунна бехке дуьллуш ду шен меран 6 шо долу кIант а, 8 шо долу йоI а хьийзор. Талламхошна гучудаьлла дестечо, майра цIера а волуьйтий, цу шина берана етташ хилла хилар. Садукъош а хилла цо шина беран, хих дуьзначу ведарна чу цу шинан кортош а теIош. Бехктакхаман гIуллакх дIахьажийна Заводан кIоштан кхеле. И зулам дарна дестечунна 7 шо хан тоха мегаш ю, набахтехь яккха.
Британин прокуратуро цIераш йовзийтина Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган. И шиъ ву Петров Александр а, Боширов Руслан а (уьш харц цIераш хила а мега). Цу шина стаге бехк кховдийна адамаш дайа гIортарна. Петров а, Боширов а схьавоьхур вац Британин прокуратуро, Оьрсийчоьно шен махкахой дIалуш Iедал ца хиларна. Талламхошна "Новичок" дIаьвшан ларш карийна Петров а, Боширов а ваьхначу хьешан цIийнерчу чоьнашкахь.
Гукемухов Мурат Къилбаседа ХIирийчохь дирзина дерриг къомо тергалдина дов. Шина сержантна Албегов Селимна а, Сланов Арсенна а оьрсийн эпсаршна еттарна тIеман гарнизонан кхело набахтехь яха хенаш кхайкхор (3,5 а, 1,5 а шераш) Iаьткъинчара дов эккхийтира кхелахошца, цара сацам дIакхайкхошшехь. Чуьччабаханарш къасто кхелан хIусаме кхайкхира полици. Албеговс а, Слановс а тIе ца эцна бехк. ХIирий куьйгаш лахьош бу Оьрсийчоьнан президенте яздинчу орза кIел. Кхел шинарийдийнахь чекхъяьлла. БуьрийтIерачу... Читать дальше...
Къилбаседа Кавказан тIеман гонан кхело (Ростох) колонехь даккха 9 шо хан тоьхна ГIалгIайчоьнан вахархочунна Албагачиев Iабдул-Маликана. Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу суьдан сайта тIехь. Талламхойн версица а догIуш, Албагачиев 2015-чу шарахь хилла Шемахь а, Иракъехь. Оьрсийчоьнна дуьхьал ваьлла тIом бина цо "Исламан пачхьалкх" тобанан могIаршкахь. Оццу шарахь, къайлаха ца а веана, ГIалгIайчохь вехаш хилла иза, амма лаьцна ницкъаллин структурийн белхахоша.
Динна кIиранах Шеларчу полицин декъехь латтийна хилла 9 шо долу Ахмадов, яздо "Кавказ.Реалиино". Иза жимаха волу ваша ву Марсхьокху-беттан 20-чохь Шелахь вийначу шина кхиазхочуьнан. "Кавказ.Реалиин" хьастано чIагIдарехь, кIант лаьцна хилла полисхоша Марсхьокху-бетанна 20-чу сарахь. Цуьнца цхьана чувоьллина хилла цуьнан да а, кхин болу а юххера гергара нах. Марсхьокху-беттан 20-чохь Нохчийчохь полицин белхахошна тIелатарш динера кхиазхоша. Цаьрна юкъаозийна вара 5 стаг. Официалан болчу хаамца, царах уггаре а воккхаха волучуьнан дара 18 шо.
Нохчийчохь лахделла некъахьовзамашкахь леш долчу адамийн терахь. Иштта республикерчу прокуратуро чIагIдарехь, кхушеран хьалхарчу 8 баттахь машенашца боьзначу бохамашкахь вийна 21 вахархо. Цу хьокъехь 17 бехктакхаман гIуллакх луьстуш жоьпе озийна ву 18 стаг. Некъаца хиллачу хьовзамашкахь лазийна ву 12 стаг. Стохка оццу хена чохь цхьацца некъахьовзамашкахь республикехь вийнарг вара 35 стаг. Лазийнера - 19. Прокуратуро билгалдоккху адамаш кхалхарна бехке болу 94% нах, хенаш а тухуш, набахташка хьежийна хилар.
Хатуев Iабдул - Хьамид Холхаз куй Хьо малвелла,дохковаьллехь, Ахь къарбинехь, биъна дуй, Тешам нехан хьоьх дIабаьллехь, Ахь сийсазбо холхаз куй! Хезаш, буса варшахь-арахь Хьайга дохуш орца дуй, Хьо ког хецна, паргIатваьллехь, Ахь сийсазбо холхаз куй! Хьан нийсонан цIе дIаяйнехь, Баьгна баьлла, кийрахь суй, Хьуна хьанал-хьарам тайнехь, Ахь сийсазбо холхаз куй! Дош ца хеташ, олург наха, Церан сардам , наьIалт, туй Кийча велахь, эрна ваха, Ахь сийсазбо холхаз куй! Хийла йоI ю дешин меха- Нехан бIаьрахь-цIеран суй. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан а, президентан Асадан тIеман ницкъийн а кеманаша бомбанаш йиттина Идлиб провинце а, ХIама провинцин къилбаседехьарчу кIошташка а. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, туркойн Anadolu а, Hurriyet а зорбанан гIирсашна тIе а тевжаш. Болчу хаамца, бомбанаш етташ дакъалоцуш хила кхо кема. ББС-но дийцарехь, лаххара а кхо стаг вийна и тохарш дар бахьана долуш. Reuters бинчу хааца вийна 13 маьрша вахархо. Бомбанаш йиттина аьлла хаам кхаьчна, Iамеркан президенто Трамп Доналда Шема а... Читать дальше...
Хатуев Iабдул - Хьамид Хьо муха ваьхьа? Исламан цIена дин Дицдина догIу, Наггахь бен пайхамар Дага ца вогIу. Делаца йолу хьан КIарглуш ю херо, Къинойн мохь охьуш бу Тем боцчу хьеро. Вайнаха язйина Устазийн керташ Маьттазчу дешнашца Емал ян гIерташ, Хьо муха ваьхьа те Iеса дош ала, Хьо цIергахь морцур вуй Хуъушехь Дала! Вирдан дай аьшнаш беш, Молланаш чехош, Сийдолу бакъ цIераш Маьттаза хьехош, Хьо муха веха те Лан ца... Читать дальше...
Хатуев Iабдул - Хьамид ЙоьIан доIа Везан дела! Лохьа тхуна Дикалла Дена-нанна Массо ханна Могашалла Кхин ас хьоьга ХIумма доьхур Дацара, Кхин со лаьттахь Цкъа а йоьлхур Яцара. Сан вежаршна Лохьа наьртийн Доьналла, Сан йижаршна Маьлха-Аьзнийн Хазалла. Кхин ас хьоьга ХIумма доьхур Дацара, Кхин со лаьттахь Цкъа а йоьлхур Яцара. Сан тайпанна лохьа Машар марзбалар, Сан халкъана Кху дуьненахь Тардалар.
Нохчийчуьра дIабахна Марсхьокху-баттахь полисхошна тIелатар дина аьлла, байинчу кегийрхойн гергарнаш. Цунах лаьцна дуьйцу Шеларчу бахархоша. Виъ къиазхо, шайна юкъахь 11 шо долу кIант а волуш, вийра, кхин цхьаъ велира дарбанан хIусамехь Марсхьокху-беттахь 20-чохь Нохчийчохь Соьлж-ГIалахь а, Мескер-эвлахь а, Шелахь а хиллачу герзаш деттарехь. "Полисхоша лебира церан беза-бевзарш, ткъа Шелан кIоштахь лецнера иттаннаш кхиазхой", -хаам бо "Эхо Москвы" радион сайто. "Кавказский узело", шен хьасташна тIе а тевжаш... Читать дальше...
123ru.net — информационный сайт, транслирующий новости города Вашего города онлайн. Всё, что происходило и происходит в городе — в оперативной ленте ежедневных новостей в интерактивном режиме на сайте 123ru.net.
Самые свежие новости Вашего города, а также полный архив ежедневных событий города с аналитикой, комментариями и прямыми ссылками на источники информации. Местные городские, авторитетные региональные и популярные федеральные новостные агентства и телеканалы — в одной ленте новостей, упорядоченные по времени публикации и с обязательным указанием первоисточника информации. Ничего лишнего. Всё о чём говорят, пишут в газетах и блогах, показывают по телевизору и транслируют в интернете — из первых рук.
123ru.net — самый полный календарь значимых и не очень событий Вашего города, в Вашем городе и о Вашем городе вчера, сегодня и прямо сейчас — от пользователей нашего сайта в режиме онлайн. А также — актуальные статьи и мировые новости.
Если же Вы проживаете в городе Вашем городе или у Вас есть просто интересная информация о городе и горожанах мы всегда рады разместить её на нашем портале с указанием в публикации Вашего авторства. Пишите нам на электронный адрес: mail@29ru.net. Создайте свой блог и, если он будет интересен, то Вы получите совершенно бесплатно баннер и прямую ссылку на него, размещённую на всех страницах региональных интернет-ресурсов нашей веб-группы, а это — более 1 000 000 просмотров в месяц.
123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.
Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.
123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
123ru.net — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.