Кегий бераш хьийзорна кхел йир ю дестечунна
Талламхошна гучудаьлла дестечо, майра цIера а волуьйтий, цу шина берана етташ хилла хилар. Садукъош а хилла цо шина беран, хих дуьзначу ведарна чу цу шинан кортош а теIош.
Бехктакхаман гIуллакх дIахьажийна Заводан кIоштан кхеле. И зулам дарна дестечунна 7 шо хан тоха мегаш ю, набахтехь яккха.