МухIажаршна депортаци ярна дуьхьал акцеш хилла Европерчу гIаланашкахь
ЦхьамогIа Европерчу пачхьалкхийн яккхийчу шахьаршкахь Нохчийчу а, ОвхIане а, Африкерчу мехкашка а мухIажаршна депортацеш ярна дуьхьал акци дIаяхьира. БIеннаш адамаш кIирандийнахь цхьана хенахь урамашка девллира тайп-тайпанчу меттигашкахь. Венехь а, Берлинехь а, Франкфуртехь а, Залцбургехь а протесташкахь дакъалаьцначара кхайкхам бира Малхбузерчу пачхьалкхийн урхаллашка а, Евробертан куьйгалле а, тIемаш а, диктаторийн режимаш а йолчу меттигашкара бевдда баьхкинчу нахана политикан тховкIело Iалашъяре. Читать дальше...