Туркойчуьрчу зудчунна ирхъолла кхел йина Иракъехь
Цу стага дийцарехь, кхин а цхьацца пачхьалкхашкара 10 зуда чуйоьллина суьдо, Iожалла тIекхаччалц яккха хан а тоьхна. Кхело бинчу сацамашна латкъам бан аьтто хир бу.
2017-чу шарахь ГIура-баттахь Иракъан Iедалша дIахьедира, "Исламан пачхьалкхана" тIехь толам баьккхина шаьш аьлла. Делахь а цу тобанан декъашхой хIинца а тIелетарш деш бу цу махкахь.