"Исламан пачхьалкхо" шена тIелаьцна ГIизларахь адамаш дайар
Хьалхо РБК агенталло хаам бинера, 5 стаг а вуьйш, килсана тIелатар динарг 22 шо долу Халилов Халил ву аьлла. Иза хилла бохуш дуьйцу тийна-таьIна Iаш йолчу "Исламан пачхьалкхан" жимачу тобанан декъашхо.
КIиранан сарахь цу стага герз диттина килсе баьхкинчу нахана. Иза вийна Росгвардин эскархоша.