Хьаьж дан 10 000 меттиг елла Дагестанан а, ГIалгIайчоьнан а бахархошна
Оьрсийчоьнан Iедалехь Хьаьж дарца доьзначу хаттаршкахула жоьпаллехь волчу Умаханов Ильяса куьйгалла а деш, Федерацин Кхеташонехь хиллачу цхьаьнакхетарехь хаам бина СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалша Оьрсийчоьнна елла квота 20 500 меттиг хиларх лаьцна.
2018-чу шарахь Хьаьж дийр ду бусалба наха Марсхьокху-беттан 19 – 24 деношкахь.