Яккхий хенаш йиттина набахтехь такха Дагестанан пхеа вахархочунна
Къилба гонан Ростоврчу тIеман кхело сацам арахецна террорхойн тоба кхолларна пхеа дагестанхочун дов дерзош. I8, 5 шо хан тоьхна набахтехь яккха Абдулкеримов Мурадна, 17,5 шо кхайкхийна Пирвелиев Феликсна, 18 шо – Нарчавов ИсмаьIална, 17 шо – Меджидов Бахьавдина, 17,5 – Рамазанов Гусейнна. Набахтин халчу хьелашкахь токхур ю цара массара а шайна тоьхна хенаш, хаам бо Интерфаксо. Талламо бахарехь, бехкебинчара ягийна йий духку туька, кечлуш хилла полисхочунна тIелата. Амма Iалашо кхочуш ца йина цара, шаьш лецар бахьана долуш. Читать дальше...