Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш кхин а тIе чIагIъярехьа ву Европарламентан куьйгалхочо
Нагахь санна, малхбалерчу Украинера конфликт кхин тIе а яржахь йа колонехь латточу Навальный Алексейн могушалла талхахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш кхин тIе а чIагIъян оьшу Евроберто а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Оцу кепара дIахьедар дина Европан халкхъан партин куьйгалхочо Вебер Манфреда Funke медиагруппана еллачу интервьюхь. Европарламентан фракцин урхалхочо билгалдаьккхина, Москвано шен кхераме питанаш кхин дIа а лелош хилар. Украинан дозана гергахь Оьрсийчоьнан эскарша куп тохар- Малхбузе зер ду аьлла хета Веберна. Читать дальше...