Кадыровн хIусамнанойх талламаш бинчул тIаьхьа "Проектан" сайтана тIелатарш долийна
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан зударех лаьцна шаьш бина талламаш Iорабаьхначул тIаьхьа "Проект" интерннет-ресурсна DDoS-атакаш йолийна. ГIирсан коьртачу редакторо Баданин Романа яздина цунах лаьцна шей фейсбукехь, хаам бо "Дождь" телеканало. Цкъа а а хиллачу кепара шайна хакерийн тIелатарш ден шолгIа де а ду аьлла Баданина. Дукхахболчийн "Проектан" сайт халла бен еллалуш яц. "Кху деношкахь Кадыров Рамзанан къайлахчу дахарх лаьцна бинчу талламан турпалхоша вовшахтоьхна ду тIелетарш олийла ду тхан. Читать дальше...