2001-чу шарахь Нохчийчохь Пермерчу ОМОН-а тIелатар динчу цхьанна кхел йина
Буьйранчан Абу-Кутейбан тобанан декъашхочунна валлалц чохь яккха хан тоьхна, 2000-чу шеран зазадоккху-баттахь республикан Веданан кIоштан Джани-Веданахь эскархошна а, милицихошна тIелатар дарна. Оцу тийсдаларшкахь 33 эскархо а, низам лардаран органийн белхахо а вийра, исс милицихо а, цхьа эскархо а йийсаре а лаьцна, тIаьхьо вийра. 100 сов ницкъахочунна тайп-тайпана чевнаш йира, хаамбо Lenta.ru хьостано коьртачу прокуратурана тIе а тевжаш. ТIелеттарш Абу-Кутейбан тобанера бара, эмиран Хаттабан аьтто куьйг лоруш хилла ву иза. Читать дальше...