Нохчийчуьрчу тIамехь байъинчу маьршачу нехан гергарчарна компенсацеш ца делла
2000-чу шарахь федералан эскаро динчу тохаршкахь маьрша нах байъина, сина дина зен меттахIоттош компенсаци далар тIедожор листа реза ца хилла Нохчийчоьнан Лаккхара кхел. Оцу гIуллакхехула талламаш дIахьош масех шо ду. Арз кховдийна Тарамова Хожис, Датаева Залпаа, Тарамов Iабаза, Пайзуева Зайнапа, Тарамов Iабдуллас а, Матас а. ГIуллакхан материалашца а догIуш, 2000-чу шеран Гезгамашин-баттахь федералан ницкъаша Хан-ГIалахь дIалецначу меттигашкара схьа тохарш дира Устрада-ГIалин нах бехачу кварталашна. Читать дальше...