Къинхьегаман мигранташна уггар товш йоцу регионаш ю Нохчийчоь, ГIалмакхойчоь
Къинхьегаман мухIажарийн терахьех хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара меттигаш дIалецна ГIалмакхойчоьно а, Нохчийчоьно а. Кху шеран шолгIачу эхашарахь 857 а, 1 284 а кхинхьегамхо ву дIаязвина болх бан веана. Иштта рейтингехь аутсайдер ю Къилбаседа ХIирийчоь – цигахь дIаязвина ву 2 686 стаг. Къаьсттина дукха мигранташ гуттар а санна хаабелла Москвахь а, Подмосковьехь а, иштта Санкт-Петербургехь а, Ленинрадан кIоштахь а. Краснодар-мохк – кхозлагIчу меттигехь бу яздо, МВД-н миграцин статистикана тIехь "Финэкспертизо" бинчу талламехь. Читать дальше...