Марксовскан кIоштахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал ву ша бохуш леллачу Дукаев Рустаман хьокъехь бина сацам Саратовн кIоштан кхело хийцаза битина. Колонехь даккха итт шо хан кхайкхийна цунна, яздо Кавказ.Реалиино.
Бехктакхаман гIуллакхан материлашца а догIуш, Саратовн кIоштарчу Маркс гIалахь "Совесть" коллекторийн агенталла ю бохуш, вовшахтоьхна хилла зуламхойн тоба бизнесхошкара даккхий ахчанаш дохуш. Кхел йинчара лелийнарг бахьана долуш хиллачу зенийн мах хадийна талламо 21 миллион сом.
"Кхеле хIиттийначара цига (агенталлин офисе ... Читать дальше...