Нохчийчуьрчу МВД-н куьйгалхочун Алхановна инарла-полковникан чин делла Путино
Путин Владимиро инарла-полковникан чин делла Нохчийчухула волчу чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Алханов Русланна. Омра арахецна Стигалкъекъа-беттан 27-хь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан юьртахо а, цуьнан цхьахйолчу йоьIан марда а ву Алханов – хьаькам 1962-чу шарахь Цоьнтрахь вина ву, Нохч-ГIалгIайн АССР-хь. Иза республикан МВД-н куьйгалхочун даржехь волу 18 шо ду, 2004-чу шарахь дуьйна. Цул хьалха, 1999-чу шеран ГIуран-баттахь, муфтин Кадыров Ахьмадан (Кадыров Рамзанан ден) хадархойн сервисан хьалханча вара иза... Читать дальше...