Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а хьаькамийн беза бахам хаабелла Дубайхь - таллар
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу нехан долахь хилла Дубайхь беза чу-ара ца баккхалун бахам, информаци цхьаммо Iораяккхарца къастийра"Важные новости" ресурсо, и толлуш бара кеп-кепарчу мехкашкара 19 хаамийн гIирс. Къаьсттина, Forbes журналан оьрсийн тептарера совдегаран Байсаров Русланан, зорбанаша Кадыровн "бохча" олу цунах, 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIартIехь хилла Пальма Джумейра олучу гIайри тIера пхи петар а, хIорданехьа йирзина йоккха вилла а. Дубайрчу Байсаровн боллу бахаман мах бу 10 миллион долларш. Читать дальше...