"Кадыровна коьртах тIара тоьхна" Алаудинов цуьнан гIоьнча хIоттийна
Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча хIоттийна чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс лаьттина Алаудинов Апти. "Грозный-информ" агенталле бина и хаам зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица даржера дIаваьккхира 2011-чу шарахь дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллин буьйранчин гIовс лаьттина инарла-майор Алаудинов Апти. ТIаьххьарчу хенахь иза наггахь бен ца нислора официалан барамашкахь – хуьлучу Iедалан, мехкан куьйгалхочун кхеташонашкахь. Читать дальше...