Кийрахь дог доцу киллер ву Путин Владимир, аьлла Джо Байдена
Президент Путин Владимир кийрахь дог доцу «киллер» ву, «цо боггIу мах охьабуьллур бу» стохка Лахьан-баттахь хиллачу президентан харжамашна юкъагIортарна, аьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Джо Байдена ABC News телеканалехула шинарин буса араяьллачу интервьюхь. Журналиста Стефанопулас Джорджа шега, муха хир бу и бекхам, хаьттича, жоп делла президента: «Кестта гур ду шуна». Интервью араяьлла, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан стохкалерчу харжамашна Оьрсийчоь юкъагIортарх долу тептар... Читать дальше...