Къилбаседа Кавказехь уьнах велла тIаьххьарчу 24 сахьтехь 25 дархо. Вирус къаьстина кхин а 454 стагаца
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 25 дархо велла коронавирусан уьнах, вирус къаьстина кхин а 454 стагаца. Лазарца къийсам латточу оперативан штабо дIахьедарехь, Краснодаран кIоштахь кхелхина 13 пациент, Ставрополан кIоштахь велла - ялх, Дагестанехь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца велла уьнах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана велла COVID-19 вирусах 8 165 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Краснодаран кIоштахь - 127 стаг. Читать дальше...