Австрехь Нохчийчоьнан вахархо "Венера Анзор" аьлча дика вевзаш хилла Умаров Мамихан верна, "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх бен къайлаха сервисаш ю бехке" аьлла, хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Царна тIехь ду кху шеран Чиллан-баттахь Францехь нохчийн блогер, "Мансур Старый" цIе лелош хилла Алиев Iимран вер а, боху цо.
Кадыровс дийцарехь, иза тешна ву, ша стаг верна бехке ву бохуш, йийца яьккхина верси, шеца гамо йолчу информацин машано арахецна хиларх.
"Псевдопатриотизман идейш тIехь ахча доккху Венера Анзор а... Читать дальше...