ЦIоз тIелатарна чолхечу хьолан раж кхайкхийна Нохчийчохь
Чолхечу хьолан раж къайкхийна Нохчийчуьрчу пхеа кIоштахь, цIоз даржарна, яздо Regnum агенталло. Ялташна зене йолу са долу хIуманаш гучуевлла Гуьмсан а, Теркйистан а, Шелковскан а, Невран а, Грозненскан а кIошташкахь аьлла, дIахьедина мехкан юьртабахаман министраллан зорбанчаша. Билгалъяьхначу кIошташкахь цIозах кIелхьараяха езаш ю дуганца а, хьаьжкIашца а, маьлхан хIушца а, иштта кемсех а йийна аренаш. Карарчу заманчохь меттигерчу цIозаца ларош ду шаьш, амма кхерам лаьтта луларчу мехкашкара... Читать дальше...