70 шо кхаьчна Маьрша Европа Радион
Нийсса 70 шо хьалха, Товбецан-беттан 4-чу дийнахь араяьлла Маьрша Европа Радион дуьххьара эфир. Radio Free Europe кхоллаелла Малхбузенан а, социализман блокехь йолчу пачхьалкхийюкъаметтигаш гIоьртина лаьттачу, шех "шийла тIом" олучу муьрехь. Шен болх цо тIехьажийна хилла Советийн блокерчу ладогIархошна — Болгарин, Венгрин, Полшин, Румынин, Чехословакин ладогIархошна. Дуьххьара шен эфир Радионо арахецна Баварерчу Лампертхайм гIалара чехийн маттахь. Оццу хенахь ян йолийна цунна эфир яржош йолу станци Португалерчу "Глория" цIе йолчу меттехь. Читать дальше...