Гадаев Мохьмад-Салахь. КIанта нене яздина кехат
Гадаев Мохьмад-Салахь КIанта нене яздина кехат Пекъар-яI! Декъаза хьомсар сан нана! Овдетташ, чов санна, Iийжа-кх хьан дог. ГIайгIане къурдаш беш гIел ма ло, нана, Сан бахьнех яз ма йиэ баланийн бог. Замано лелхийн вай собар дицделла, Хийла хьакъдоцу дIовш ахь а мели. Ойлано хьовзийна, вахар дазделла, Хийла кIант хеназа шел а вели. Со-м вайчаъ даций, хIай, даккхийчех зулма. Селла хьайн дегIана хорам ма бе, Дог дахар сийлахь дай дог дуьллучул-м, Вовшийн вай гур але, Дог теший Iиэ.