ТIеман доьшийлера 30 сов курсант вийна Либехь
Триполи гIалахь тIеман доьшийлина динчу авиатохаро дIадаьхьина лаххара а 30 курсантан дахар, лазийна 33, чIагIдо Либин могашаллин министралло. Тохар дина шоьтадийнахь, дешархой дIагулбеллачу меттигна. Къоман Бертан Iедало хиллачу бохамна бехкево махкахь гIаттам айбина хьийза инарла, «Либин къоман эскаран» буьйранча ХIафтар Халифа. Амма цуьнан гоно бакъ ца дина тохар ша дина хилар. Дакъошка екъаеллачу Либехь дуьхь-дуьхьал лаьтта дуьнено къобалдина Къоман Бертан Iедал а (куьйгалхо Сарадж Фаиз)... Читать дальше...