Гадаев Мохьмад-Салахь. Хьегар
Гадаев Мохьмад-Салахь Хьегар БIаьстенан байн мох хьовзийна, ТогIи чохь гIаргIанаш* техка. Хьегаран ницкъо Iовжийна, Йолаза** кийрахь со кхехка. Вайшинна доьгIний те вовшаха кхета, Мерзачу маттара далхадан къа? КIайн дуьне дерриг а ваьшшиннан хетта, Вайша доьгIний, хьовха, лахдала цкъа?.. БIаьстенан аьхна мох хьоькху. ГIаргIанаш цо техкадо. Вайшиммо хьоьгуш хан тоькху. Хьегаро дог кхехкадо. ------ * гIаргIа - хийистехь дика кхуьуш долу дитт... Читать дальше...