Бакъонца йоцучу митингехь дакъалацарна гIуда тоьхна гIалгIайн жигархочун
Магасерчу кIоштан кхело бехке йина меттигерчу юкъараллан жигархо "ГIалгIайн къоман цхьааллан комитетан" декъашхо Матиева Анжела, бакъонца йоцучу нахана гуш-хезаш йолчу акцехь дакъалацарна. Цунна гIуда тоьхна суьдхочо 10 эзар сом барамехь. Матиевана бехке диллинарг ду стохка ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана дуьхьал Магасехь бакъонца йоцучу митингехь дакъалацар. ДIабаханчу Стигалкъекъа-баттахь ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхело ницкъ болуш лерира из... Читать дальше...