Лаьцна латторан хан яхйина гIалгIайн оппозицин лидершна Барахоевна а, Мальсаговна а
Гезгмашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц лаьцна латторан хан яхйина ГIалгIайчуьрчу оппозицин лидершна Барахоев Ахьмадна а, Мальсагов Мусана а. Цу хьокъехь сацам бина Нальчикан гIалан кхело Мангал-беттан 5-чу дийнахь, хаам бо "Кавказ.Реалиино", адвокатана Точиев Баширна тIе а тевжаш. "Фортанга.ORG" телеграмм-канало дийцарехь, Барахоевн а, Мальсаговн а гергарнаш чу ца битина кхелан кхеташоне, цара "къепедацарш лело а, низамца богIуш боцу чулацам болу акцеш ян а мега" аьлла. Кхушара Зазадоккху-беттан... Читать дальше...